приколы)))
НовостиЙоккхачу Атаг1ара пондар локхучу Г1ачас ткъе цхьаъ зуда ялийна хилла. Т1аьххьара ша ткъе цхьаллаг1а зуда ялийча цо аьлла шен зудчуьнга: - Со зуда атта д1айог1ийтуш ву хьуна, ас аьлларг делахь. Вайга хьеший баьхкича, со хьайга хьаьжча, царна юург яла езийла хаалахь. Дикка ла а доьг1на, зудчо аьлла: - Ас корта ластийча, ас лур йоцийла хаалахь.
ИРС Я1 ХЬАН!
Шайн йиша ловзаргахь хелхаюьйлуш бехк а лаьцна, юьстах ваьлла лаьтташ хилла цуьнан ши ваша. Цхьа хан яьлча, т1евеанчу жимачу къонахчо аьлла: - Иза-м д1аяла а ца кхета. Евзий шуна и? - аьлла. - Ирс я1 хьан, - аьлла вежарех цхьамма, - и йовза-х ца евзий хьуна.
ШИ КЪУ
Ши къу хилла набахте чу воьллина: цхьаъ - сахьт лачкъорний, шолг1аниг - етт лачкъорний. Шаьшшиъ лацаран бахьана дийцина цара вовшашна. Кхано 1аш, еттлачкъийнчо: - Мас сахьта даьлла вайна? - аьлла, хаьттина. - Етт узу хан хилла-кх, - жоп делла сахьт лачкъийнчо.
ЮЬХЬ1АЬРЖО
Цхьана несо шен марвешина "Къонах" аьлла ц1е тиллина хилла. Мацца цкъа туькана яханчохь, шен марвешах тар а велла, цхьана стагана т1аьхьа хьаьдда йоьдуш хилла и зуда: - Ва, Къонах, - бохуш, мохь а бетташ. Цунна т1аьхьакхиъча, иза кхин стаг хиларх кхетча: - Вай дела, хьо-м къонах ма вац, - аьлла. Вукхо хаьттина, вуоха а воьхна: - Со къонах воцийла хьуна муха хии? Зудчо жоп делла: - Юьхьдуьхьал хьаьжча, хиира-кх, - аьлла.
ДАКЪАЗАЛЛА
Майра хилла сай-бодий къастале балха ваха везаш. Хьала а г1аьттина, шен зуда меттахъяьккхина цо. - Ас х1ума т1е юххушехь, суна чай дохдехьа. - аьлла. Шен набарха ца ялалучу зудчо, axl-yxl а дина: - Эцца хьайна ерг кхалла а кхаллий, д1аг1охьа, - аьлла. Т1аккха, сарахь ц1а вог1уш мукъана а шена яа йовха х1ума хилийталахь, мачаш ц1ан а елахь аьлла, шена ерг кхалла а кхаьллина, шен балха д1авадана xlapa. Сарахь мац а велла, г1ел а велла, ц1а вог1уш волу ц1ийнада, не1 схьа а йиллина, чу ваьлла. Кхуо балха воьдуш яьржжийначохь лаьтташ пхьег1аш а, кхуо охьайиллиначохь лаьтташ ши мача а хилла. Пеша т1ехь т1ек1ел кхийссинчохь лаьтташ яйнаш а хилла. Чухула д1айсхьай а хьаьжна, дог доьжначу ц1ийнадас ша шега: "Нана яла хьо дуьненан", - аьлла, г1аравала а ца х1уттуш, лохха "г1ам-г1им" дина, и тосаделлачу зудчо кхуьнга схьа мохь баийтина дехьа чохь йижина йолчу: - Хьо х1ун деш ву цу чохь, шабар-шибар деш, х1инца а вахана валаза ву хьо? - аьлла.
МОЛЛИН CATИЙСАМ
Молл а хилла суьлхьанаш хьийзош, багахь "лаилах1-иллалах1" бохуш, шабар-шибар а деш, коре а хиъна, 1аш. Т1ехйолуш цхьа хаза йо1 гина кхунна. Цул т1аьхьа: - Девиса хьан, дависа хьан, - бохуш, ша х1ун леладо а ца хууш, суьлхьанаш хьийзон волавелла иза.
МАХКАХЬ ДОЦУ ХЕЛХАР
Моллин бераш хилла цхьа чехка йоьттучу вотанийн мукъамана чу а боьлла, махкахь доцу хелхар деш. Т1ехволучу стагана гина уьш. Корах чу а хьаьжна, цо аьлла: - Ой, шу дена хаьий аша лелош дерг? - Хаа-м хаьа, амма тхуна санна дика-м ца хаьа, - аьлла бераша дуьхьал.
ХИЛЛАРГ ХОВШ ВОЛУ "ШАЙХ"
Шайх ву ша бохуш лелаш хилла цхьа стаг. - Делахь кхана хиндерг дийцал, - аьлла, дехардина цуьнга цхьамма. - Лама дуьйцур ду ша. - аьлла, "шайх" ву ша бохучо.